Муниципальное бюджетное дошкольное образовательное учреждение "Детский сад №1 "Ласточка" г.Аргун" ул.Дружбы народов, 2А

lastochka-2005@mail.ru
+7(871) 472-22-83
  Пн-пт с 07:00 до 19:00   
 Выходные дни: сб-вс.
 
 
 
 
 

Дал гечдойла цунна!

21.05.2020
Тахана Тимергераев Асланбек д1акхелхина, аьлла шийла кхаъ кхечи вайна. Махкахь дукха нахана вевзаш а, везаш а стаг вара Асланбек. Дуккха а шерашкахь тайп-тайпана сферашкахь белхаш бинера цо мог1арера хьехархочун т1ера министран заместителан дарже кхаччалц. Амма цуьнан дахаран доккхах долу дакъа дешарца доьзна дара. Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо, Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо аьлла техкинчу сийлаллин ц1ерашца а, дуккха а ведомственни, пачхьалкхан а совг1аташца а билгалбаьхна цуьнан къинхьегаман некъан кхиамаш. Амма цхьа а ц1ераш яха ца оьшуш, иза вовза ирс хиллачарна дика гина а, хууш а ду - Асланбек Дала шен комаьршаллица доккха пох1ма а, хьекъал а, адамалла а елла хьехархо вара. Шен леларца, амалца, къамелца нохчийн г1иллакх-г1уллакх лардеш, воккхачуьнца воккхалла лело а, жимачуьнца жималла лело а хууш, вай массара шех масал эца мегар долуш, вуно оьзда стаг вара Асланбек. Дуьненахь кхин метта х1уттур боцуш боккха эшам бу тахна вайна хилларг – тешаме накъост а, дика ваша а, говза хьехамча а вара Асланбек. Тахана и бакъ дуьнене д1авирзинчу дийнахь Далла хьалха тоьшалла дан йиш ю тхан, Тимергераев Асланбек ц1ена бусулба а волуш, нохчаллин уггаре тоьлла амалш шеца а йолуш, бакъ волу КЪОНАХ вара аьлла. Дала базбина баийтинчу х1окху мархин баттахь цуьнан д1акхалхар а Дала цунах бинчу къинхетаман билгало хиларх тешна ду-кха вай. Дала гечдойла цунна. Дала ялсманин хьаша войла иза. Дала ийманца собар а, собарца ял а лойла оцу сингаттаман дакъа мел кхаьчначарна.
Источник: МБДОУ «Детский сад «Золотой ключик» Грозненского муниципального района»